СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Бексултанов М.Э. «Дари» дийцар.

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Бексултанов М.Э. «Дари» дийцар.»

Литература 8 класс

Урок 50.

Терахь: 15.03.2022 шо. -8 б,в.

Урокан чулацам: Бексултанов М.Э. дахаран а, кхоллараллин а некъ.

 

1алашонаш: Бексултанов Мусан дахарх а, кхоллараллах а долу хаарш т1едузар; берийн ойла а, дагалацам а кхиор; осала, маьттаза долчух берийн ойла генайаккхар.

Кхочушдан лору жам1аш: дешархошна хаа деза керла девзинарг т1еэца, йешначух лаьцна шайна хетарг ала а, ойла йан а, дуста а; чулацам схьабийца; вовшашца а, хьехархочуьнца а къамеле бовла, къамел д1адахьа, шайн белхан мах хадо, жам1аш дан.

 

Хьехаран некъаш: соцунг1ашца текст йешар (чтение с остановками),  хьехархочун дош, учебникца болх бар, хаттаршца доьзна къамел дар, тобанашца болх, комментари йарца текст йешар, текстан кийсакашца болх бар, синквейнаш х1иттор.  

 Урокан тайпа: хаарех, говзаллех, кхетамах пайдаэцаран.

Урокан г1ирс:йаздархочун сурт, кехаташ,учебникаш.

 Урок д1айахьар

 

I.                  Урокана кечамбар.

 

II.               Ойла т1ейерзор.

  1.  Дешархойн хаарш жигардахар.

Хьехархочо толлу дешархоша ц1ахь кхочушбина белхаш, билгалбоху церан кхиамаш а, кхачамбацарш а.

- Маца д1аболабелла Абдулаев Лечин кхоллараллин некъ?

- Муьлхачу лит-цхьаьнакхетарраллехь дакъалоцуш хилла иза?

- Шен бераллех муха дуьйцу поэто?

- Нохчийн къоман эшарш а, иллеш мичахь, маца девзина поэтана?

- Дас х1ун т1е1аткъам бина поэтана бераллехь?

- Муьлхачу васташкахь карийна поэтана Даймохк?

- Абдулаев Лечин книгийн ц1ераш йаха

- Хьан эр дара аш, бераш, «Маьлхан каш» аьлла х1унда йу произведенин ц1е? Маьлхан кешнаш хуьлуш хуьлу?Йа стенна т1ера тиллина те автора шен произведенина иштта ц1е?

- Шуна хезний маьлхан кешнех лаьцна х1умма а? Дийца цунах шайна хуург.

4. Ун –дашна кластер х1оттор.

4.Керла коьчал йастар

1)Бексултанов Муса ву 80-чу шерашкахь баьхкинчу къоначу йаздархойх цхьаъ.Муса вина 1954-чу шарахь ахархочун доьзалехь.Олхазар –к1отарахь ишколехь дешначул т1аьхьа.


1980-чу шарахь«Орга»альманаха т1ехь дуьххьара зорба тоьхна Бексултанов Мусан дийцаран,ткъа 1985-чу шарахь арайаьлла цуьнан «Мархийн к1айн г1арг1улеш»ц1е йолу дийцарийн книга.

Бексултановн кхоллараллехь керла мур д1аболабелла лара мегар ду т1аьххьарчу шина-кхаа шарахь. Цуьнан керла дийцарш арадуьйлу«Орга»; «Вайнах» журналаш т1ехь.Дийцаран говзанча аьлла ц1е а йахана ву Бексултанов Муса исбаьхьаллин литературехь.


2.Учебникца болх бар.

 

 ( Цкъа хьалха хьехархочо, цул т1аьхьа дешарошка д1айоьшуьйту  Бексултанов Мусан дахарх, кхоллараллех лаьцна статья).


Дешархоша шайн тетрадаш т1ехь таблица йузу:


Мила ву Ахмадов М?


Дахаран шераш


Дешна меттиг


Бина белхан


Йазйина произведенеш


3.Хаттарш:

 - Маца, мичахь вина нохчийн г1араваьлла яздархо Бексултанов Муса?

- Ц1ераш йаха Бесултановс йазйинчу книгийн.

VI.         Урокан жам1дар.

- Стенах лаьцна дийци вай тахана урокехь?

  1. Ц1ера болх

  • Биографии схьайийца

  • Муьлххачу а стихотворенин биъ мог1а 1амо

  1. Рефлексии

- Суна х1окху урокехь зеделларг…

Урокехь болх бинчу дешархошна оценкаш х1иттадо

VII.     Рефлекси.Дийца шайн кхиамех лаций.

Суна 1еми…

Суна хии…

Суна кхета хала дара…

Со ца кхийти…

Хаарийн мах хадор. ( Мах дешархошка шайга хадабойту).


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!