СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Пачхьалкхан Коьрта Экзамен "Подлежащи"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Пачхьалкхан Коьрта Экзамен "Подлежащи"»

Нохчийн мотт 9 класс

Урок № 40

Терахь:

Урокан ц1е: Пачхьалкхан коьртачу экзаменна кечам.Подлежащи.

Урокан тайпа: хаарш, говзалла кхиоран .

Урокан г1ирс: т1едахкаран кехаташ, тептарш, кимаш, гайтаман г1ирсаш

Урокан 1алашо: Подлежащи карладаккхар; маь1нин а, грамматически а подлежащи къасто 1амор.

ПКЭ-н варианташкахь подлежащи схьакарор

Метапредметни жам1аш :

Регулятивни:1алашоне хьаьжжина дешаран т1едиллар кхочушдар, ша шен болх таллар

Познавательни: шен кхетам гайтар, хуург билгалдаккхар

Коммуникативни: къамел нийса дар, предложенеш нийса х1иттор; жоьпийн текст хьекъале х1оттор

Личностни: дешархоша шаьш – шайна кхиарехьа а, керланиг довзарехьа а шовкъ кхоллар



Урок д1аяхьар.

1. Ойла тIеерзор (мотиваци)

Маьрша дог1ийла шу, хьоме бераш!

Тахана вай цхьаьна д1ахьур юйу

Коьртаца ойла йан еза,

Дагалацам хила беза,

Дуьйцург дагахь латто деза,

Рог1ера беркате урок.

2. Хаарийн актуализаци

  1. Ц1ахь бина болх таллар. ПКЭ-н 5 т1едиллар 11-28 вариант

  1. дешархоша йаздина дешнаш толлу

  1. Фронтальни хаттарш:

  • Дешан х1оттамах лаьцна х1ун хаьа вайна?

  • Дашехь коьрта дакъа муьлхарг ду?

  • Ткъа экзаменехь вайна оьшу дешан дакъош муьлхарш ду?

  • Дешхьалхе муьлхачух олу?

  • Муьлха дешхьалхенаш евза шуна?

  • Х1окху дешхьалхенаш юкъара муьлха дешхьалхенаш хир яц ПКЭ-хь? Х1унда?

  • Суффикс стенах олу?

  • Муьлха суффиксаш евза вайна?

  • Царех коьртанаш муьлхарш билгалъехира вай?

  1. Кхаа дешархочо у т1ехь болх бо:

1 кехат:

Вайн къу цигахь хила мега.

  1. Меттиган латтам (куцдош) билгалбаккха.

  2. Ц1ерметдош билгалдаккха.

2 кехат

Тахана муьрг дика тухура ч1еро.

  1. Даран суьртан латтам билгалбаккха.

  2. Нийса кхачам билгалбаккха.

3 кехат

Къизалла, вахара,бохам,къиза, алар, жималла, оьздангалла,олу, къамел, йохкархочо.

- Суффиксан г1оьнца кхолладелла дешнаш билгалдаха

3. Дешнийн диктант.

Накъост, хаза, нана, доттаг1алла, тхуна, соьга, дечиган, ас, хьо, элира, ялхитта, лекха дитт

  • Къамелан дакъош билгалдаха.

  • Г1алат карор

Хаза олу-хаза йо1

Чехка говр –чехка воду-предложенин меженаш билгалъяхар

5. 1алашо х1оттор

Керла коьчал йовзийтар.

Подлежащих х1етал-метал далор

1) Грамматически подлежащи олу ц1ерниг дожарехь долчу подлежащех.

Малика школе яхара.

2) Доланиг, дийриг, лург, меттигниг дожаршкахь маь1ница нислучу подлежащих логически (маь1нин) подлежащи олу.

Салманан школе ваха деза.

Салмана дешар дика 1амадо.

Салманна дешар дика хаьа.

Салмане дешар дика 1амало.

САДА1АРАН МИНОТ

6.1амийнарг т1еч1аг1дар:

1.Кхочушдо 20 -г1а шардар. Шишшама цхьаьна кхочушбо болх.

  1. 1,2 предложенеш схьа а йазйай, подлежащеш билгалдаха.

  2. 5-10 предложешкара подлежащеш схьаязде

2.Кимаш т1ехь болх.

1 тоба.

1.Нанас суна к1айн йовлакх ийцира.

2.Суна хаза кхаъ кхечира.

3. Со г1ала больнице воьду.

2 тоба.

1.52-чу предложенера маь1нин (логически) подлежащи схьаязде.

52) Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш.

2. 14-чу предложенера подлежащи схьаязде:

14) Хаддаза коьрта чу оьхучу ойланаша сахьийзадора цуьнан.

3. Ялийначу предложенера сказуемеш схьаязде.

-Со хьуна кхин декар дац, ас хьуна кхин г1айг1а йалхор яц.

6.Урокан жам1 дар.

Стенах олу подлежащи?

Маса декъе декъало подлежащи?

Грамматически подлежащи муьлхачу дожарехь лела?

Логически(маь1нин)?

7. Рефлекси.

Массо а кхийтирий керлачу теманах?

Ца кхеташ цхьа а висирий?

Синквейн х1оттор (Хан йисахь)

Подлежащи

Грамматически, логически

Гойту, билгалво, ц1е йоккху

Предложенин лард кхуллу.

Коьрта меже.

Урокехь белхаш бинчу дешархошна оценкаш х1иттор.

8.Ц1ахь бан болх балар. П. 4, ш.19





























1 кехат:

Вайн къу цигахь хила мега.

  1. Меттиган латтам (куцдош) билгалбаккха.

  2. Ц1ерметдош билгалдаккха.





2 кехат

Тахана муьрг дика тухура ч1еро.

  1. Даран суьртан латтам билгалбаккха.

  2. Нийса кхачам билгалбаккха.

3 кехат

Къизалла, вахара,бохам,къиза, алар, жималла, оьздангалла,олу, къамел, йохкархочо.

- Суффиксан г1оьнца кхолладелла дешнаш билгалдаха



1 тоба. Предложенешкара грамматически лардаш схьаязйе

1.Нанас суна к1айн йовлакх ийцира.

2.Суна хаза кхаъ кхечира.

3. Со г1ала больнице воьду.





2 тоба.

1.52-чу предложенера маь1нин (логически) подлежащи схьайазде.

52) Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш.

2. 14-чу предложенера подлежащи схьайазде:

14) Хаддаза коьрта чу оьхучу ойланаша сахьийзадора цуьнан.

3. Йалийначу предложенера сказуемеш схьайазде.

-Со хьуна кхин декар дац, ас хьуна кхин г1айг1а ялхор яц.







1 тоба. Предложенешкара грамматически лардаш схьайазйе

1.Нанас суна к1айн йовлакх ийцира.

2.Суна хаза кхаъ кхечира.

3. Со г1ала больнице воьду.





2 тоба.

1.52-чу предложенера маь1нин (логически) подлежащи схьайазде.

52) Т1аккха цунна хезира цхьа тамашена аьзнаш.

2. 14-чу предложенера подлежащи схьайазде:

14) Хаддаза коьрта чу оьхучу ойланаша сахьийзадора цуьнан.

3. Йалийначу предложенера сказуемеш схьайазде.

-Со хьуна кхин декар дац, ас хьуна кхин г1айг1а йалхор йац.





Накъост, хаза, нана, доттаг1алла, тхуна, соьга, дечиган, ас, хьо, элира, ялхитта, лекха дитт

Салманан школе ваха деза.

Салмана дешар дика 1амадо.

Салманна дешар дика хаьа.

Салмане дешар дика 1амало.

Малика школе яхара.


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!