СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Пачхьалкхан Коьрта Экзамен "Къастам"

Нажмите, чтобы узнать подробности

Просмотр содержимого документа
«Пачхьалкхан Коьрта Экзамен "Къастам"»

Нохчийн мотт 9 класс

Урок№42

Урокан ц1е: Къастам.


Урокан 1алашо: къастамах х1ун олу, муьлха дакъа хуьлий лела иза предложенехь хаар


Метапредметни жам1аш :

Регулятивни:1алашоне хьаьжжина дешаран т1едиллар кхочушдар, ша шен болх таллар

Познавательни: . къастам ц1ердашах бозуш хилар, цуьнан г1оьнца алар нийса хилийтар. Предложенешкахь къастам каро хаар; къастамаш юкъалоцуш, предложенеш х1иттор.

Коммуникативни: Къамел нийса дар, предложенеш нийса х1иттор; жоьпийн текст хьекъале х1оттор

Личностни: Дешархоша шаьш – шайна кхиарехьа а, керланиг довзарехьа а шовкъ кхоллар


Урок д1аяхьар.


1.Ойла т1еерзор.

Таханлера х1ара урок сайна хазахетачу кицанан т1ера д1айолор ю .Аш цуьнан ойла йойла, леррина сайга ладуг1ийла лаам бу.

Цхьана стеган карахь полла хилла, шина куьйган юккъе и полла а биллина, т1евахана кхечуьнга хаьттина цо: "Сан карахь болу полла белла бу я дийна бу?"

Цунна дагахь цо дийна бу алахь ша х1ара буьйр бу, белла бу алахь дийна д1ахоьцур бу. Хаттаре ладоьг1начу хьекъалдас аьлла: " Дерриге хьан карахь ду".

Оцу хьекъал долчу стага ма- аллара шун дахар х1оранна а шен карахь ду, аш тахана дика дешахь шу сирла кхане хир ю.

2.Ц1ахь бина болх таллар:

1) Предложенин коьртазчу меженех лаьцна болу юкъара кхетам карлабаккхар:

предложени коьрта а, коьртаза а меженаш кхеточу меженех коьртаза меженаш хилар. Нийса а, лач а кхачамаш карлабахар.

  1. Дешархоша у т1ехь кехаташца болх бар.

1 кехат

Мискачу наха шайн юрт йиллира.

Синтаксически талла предложени

2 кехат

Къехойн х1усамаш церан зазано кхелира.

  1. Ц1ердешнаш схьаязде

  2. Ц1ерметдош схьаязде

3 кехат

Таллархо, дешар, кхерам, бахам, хьоналла, дешархо, пондарча-

Дешнийн суффиксаш билгалъяха

  1. Дешарна т1аьхьабуьсучу дешархоша кехаташ т1ехь болх бо.

Лахахь ялийначу предложенийн юкъара латтамаш билгалбаха:

Кегий бераш школе дахара. Селхана тхо йоккхачу г1ала дахара. Дадас тхуна дечиган керт йина.


Кху хаттарех пайдаэцар:

1) Предложении коьртаза меженаш стенах олу?

2) Коьртаза меженаш маса кепара ю?

3) Уьш кхаа кепара муха нисло?

4) Кхачамаш маса кепара бу?

5) Нийса а, лач а дожарш стенах олу?

6) Нийса а, лач а кхачам а стенах олу?


2) Дешнийн диктант:


Дика, ворх1, сан, тхуна,оьзда,барх1алг1а,дечиган, исс, шуьца, диттан, ткъаткъа, и, лекха, цхаъ.


3) Синтаксически пхиминот.

Дадина гатанан коч ийцира.

Эвлан йистехь дара лекха стаммий акхтаргаш.

3.Керла коьчал йовзийтар.


Къастам - х1уманан билгало гойту.

Масала: Б1аьстенан хазачу бацалахь лепара ц1ен а, сийна а,можа а зезагаш. Суьйранна чубузучу маьлхан къегина дашо з1аьнарш яра

4.1амийнарг т1еч1аг1дар.

1.Шардар 52 кхочушде.

Шардар юкъара схьаязбе къастамаш шайца уьйр йолчу дешнашца

5. Кимашца болх бар:

Вариант-5.

1) 3,4,5 т1едахкарш кхочушде.

2)7, 8,6 т1едахкарш кхочушде.

6.Рефлекси.

Стенах лаьцна дийцира вай?

Керла х1ун 1емира шуна?

Къастам муьлхачу къамелан декъаца уьйра ю предложенехь?

7. Ц1ахь бан болх балар: шардар 58





1 кехат

Мискачу наха шайн юрт йиллира.

Синтаксически талла предложении











2 кехат

Къехойн х1усамаш церан зазано кхелира.

  1. Ц1ердешнаш схьаязде

  2. Ц1ерметдош схьаязде








3 кехат

Таллархо, дешар, кхерам, бахам, хьоналла, дешархо, пондарча-

Дешнийн суффиксаш билгалъяха



















Лахахь ялийначу предложенийн юкъара латтамаш билгалбаха:

Кегий бераш школе дахара. Селхана тхо йоккхачу г1ала дахара. Дадас тхуна дечиган керт йина.







Лахахь ялийначу предложенийн юкъара латтамаш билгалбаха:

Кегий бераш школе дахара. Селхана тхо йоккхачу г1ала дахара. Дадас тхуна дечиган керт йина.









Лахахь ялийначу предложенийн юкъара латтамаш билгалбаха:

Кегий бераш школе дахара. Селхана тхо йоккхачу г1ала дахара. Дадас тхуна дечиган керт йина.







Лахахь ялийначу предложенийн юкъара латтамаш билгалбаха:

Кегий бераш школе дахара. Селхана тхо йоккхачу г1ала дахара. Дадас тхуна дечиган керт йина.





Дика, ворх1, сан, тхуна,оьзда,барх1алг1а,дечиган, исс, шуьца, диттан, ткъаткъа, и, лекха, цхаъ.



Б1аьстенан хазачу бацалахь лепара ц1ен а, сийна а,можа а зезагаш


Скачать

Рекомендуем курсы ПК и ППК для учителей

Вебинар для учителей

Свидетельство об участии БЕСПЛАТНО!